Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Мусас ЮшаІе элира: «Къонахий а харжий, Іамалекхахошца тІом бан гІо. Кхана, гу тІе а ваьлла, дІахІуттур ву со, Дала тамашийна хІуманаш гойту Іаса сайн буйна а лаьцна». Мусас бохург кхочушдеш, Іамалекхахошца тІом бан вахара ЮшаІ. Муса а, АхІарон а, Хьор а гу тІе хьалавелира. Мусас куьйгаш хьалаайича, исраилхой тоьлура, ткъа цо уьш охьадахийтича, Іамалекхахой тулура. Амма Мусан куьйгаш, айина латтийна, дазделлера. ТІаккха иза тІулга тІе охьа а хаийна, АхІарона а, Хьора а, цхьацца агІор а ваьлла, цуьнан куьйгаш, хьала а айина, дІалецира. Малх чубуззалц айина латтийра цара Мусан куьйгаш. Иштта Іамалекх а, цуьнан халкъ а шен туьраца эшийра ЮшаІа. Везачу Эло Мусага элира: «ХІокху тІамах лаций тептар тІехь дІаязде, тІейогІучу тІаьхьенашна хІара дагахьлаттийта. Ткъа ЮшаІе ала, Ас Іамалекхахой лаьтта тІера тІепаза бойур бу алий». Шен гІоьнча ЮшаІ а эцна, Делан лам тІе хьалаволавелира Муса. Везачу Эло Мусаца юьхь-дуьхьал къамел дора, цхьаммо шен доттагІчуьнца деш санна. Юха Муса шайн меттамотт болчу схьавогІура, ткъа цуьнан гІоьнча, Нунин кІант ЮшаІ, гуламан четарна уллора цкъа а дІа ца волура. Иссарханан тІаьхьенах волу Юсупан кІант ИгІал, Гадин тІаьхьенах волу Макин кІант Гауал.
Выбор основного перевода