Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Маннашан тайпанан доза Ашарна тІера Михметатана тІекхаччалц Шехемна малхбалехьа дара. Кхузара дІа доза къилбехьа доьдура, Іейн-Тапухьа цІе йолчу меттигера бахархой чу а лоцуш. Ашаран а, Иссарханан а латтанаш тІехь йолу гІаланаш а яра Маннашан тайпанан долахь: Байт-Шеан а, ИбалІам а, ткъа иштта царна гонах йолу кегийра гІаланаш а. Цул сов, хІокху гІаланашкахь а Іаш бара уьш: Дор, Іейндар, ТаІнак, МагІидда, царна гонах йолу гІаланаш а (царах кхозлагІниг Напат яра).
Выбор основного перевода