Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Маннашан тІаьхье иштта яра: Макирах бевллера макирхой. Макиран кІант хилла ГалІад. ГалІадах бевллера галІадхой. ГалІадан тІаьхье иштта хилла: ЙиІазарх бевллера йиІазархой, ткъа Хьелакхах – хьелакхахой, Асриалах – асриалхой, Шехемах – шехемхой, ШамидаІах – шамидаІхой, Хьепарах – хьепархой. Хьепаран кІант волчу Цалпихьадан кІентий бацара, йоІарий бен. Цалпихьадан йоІарийн цІераш хІорш яра: Махьила, НуІат, Хьугила, Малка, Тирца. Юсупан дуьххьарлерчу кІентан Маннашан тІаьхьенна латта делира. Маннашан дуьххьарлера кІант Макир ГалІадан да вара. Иза майра тІемало хилла, ГалІад а, Башан а олу меттигаш цуьнан тІаьхьенашна кхаьчнера.
Выбор основного перевода