Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Веза Эла юха а оьгІазвахара исраилхошна. Цо Дауд исраилхошна дуьхьалваьккхира. Дауда элира: «Даха а гІой, Исраил-махкахь а, ЯхІуд-махкахь а долу халкъ дагарде». Дауда шен эскаран хьаькам волчу Йоабе элира: «Даха а гІой, Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІе кхаччалц долчу массо а исраилхойн тайпанаш юкъахь долу халкъ дагарде, суна уьш мел бу хаийта». Нах багарбаран жамІ паччахье дІаделира Йоаба: кара тур а лаьцна, тІом балур болуш волу бархІ бІе эзар исраилхо хилар, ткъа яхІудхо – пхи бІе эзар стаг.
Выбор основного перевода