Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
И пхи стаг дІавахара. Лаиш-гІала кхечира уьш. Цигахь маьрша дехаш долу адам гира царна. Церан дахар, цІаданхойн ма-хиллара, тийна а, маьрша а дара. Царна гІело еш мостагІий а бацара. Уьш ЦІадан-гІалина генахь бехаш бара, цхьаьнцца а лелош юкъаметтиг а йоцуш. И вахийтина волу пхи стаг ЦорІа а, Эштаула а юхавирзича, гергарчара цаьрга хаьттира: «ХІун хии шуна?» Цара жоп делира: «Тхуна чІогІа дика латта карийна. Хан ма ялийта! ТІе а латий, и латта цаьргара схьадаккха! Цига дІакхаьчча, шуна гур ду, и мел доккха латта ду. Оьшуш мел дерг шортта хуьлу цу махкахь, цигара халкъ, цхьа а стаг шайна тІелетар ву аьлла, дагадогІуш а дац. Дала вайн кара схьалуш ду и латта». Данхоша иштта схьадаьккхира Микас шена мел динарг. Цуьнан динан да а шайца дІавигира цара. Уьш, Лаиш-гІала дІа а бахана, цигахь маьрша бехаш Іаш болчу нахана тІелетира. Адам шайн таррашца цистира цара, ткъа гІала цІарца ягийра.
Выбор основного перевода