Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ШимІин тІаьхьенах волу Хьорин кІант Шапти, ЯхІудан тІаьхьенах болу нах баьхкира Галгале ЮшаІ волчу. Епунин кІанта Килаба, кхеназхочо, элира цуьнга: «Хьуна хаьа Везачу Эло Делан стаг волчу Мусага Кхадеш-БарнаьІахь хьох а, сох а лаьцна аьлларг. Сан шовзткъа шо дара, Везачу Элан ялхочо Мусас Кхадеш-БарнаьІара со лаьтте хьажа вохуьйтучу хенахь. Аса, юха а веана, сайна хеташ дерг дІадийцира цуьнга. Соьца баьхкинчу вежарша нехан дегнашка кхерам тесира, ткъа со сайн Везачу Дала бохучунна тІера ца велира. Цу дийнахь Мусас чІагІо йира суна: „Хьан ког тІебаьлла латта хьан а, хьан берийн а дакъа хир ду гуттаренна а, хІунда аьлча сан Везачу Дала бохучунна тІера ца вели хьо“, – аьлла. Иштта Везачу Эло дийна витина со, Цо Ша ма-аллара. Шовзткъе пхи шо ма даьлла Везачу Эло Мусага и дош аьллачул тІаьхьа. Цу хенахь исраилхой яьссачу аренгахула лелаш бара. Хьажал соьга! ХІинца сан дезткъе пхи шо ду. Хьалха Мусас со вохуьйтучу хенахь санна, хІинца а гІора долуш ву со. ХІетахь хилла ницкъ бу соьгахь хІинца а тІом бан а, кхин гІуллакх дан а. Ткъа хІинца Везачу Эло цу дийнахь суна лур ю аьлла йолу акъареш схьало. Хьуна хезира хІетахь, цигахь Іаш Іаьнакхан кІентий бу, церан гІаланаш яккхий а, чІагІйина а ю аьлла. Амма Везачу Эло гІо а дина, ас арабаха мега уьш, Везачу Эло ма-аллара». Везачу Эле Епунин кІант Килаб декъалвар а дехна, Килабе дола дайта Хьеврон-гІала дІаелира ЮшаІа. Хьеврон хІинца а кхеназхо волчу Епунин кІентан Килабан тІаьхьенна дакъа хилла йисна, хІунда аьлча иза исраилхойн Везачу Дала бохучунна тІера ца ваьллера. Хьевронан цІе хьалха Кхиръят-АрбаІ хилла. (АрбаІ цІе йолуш Іаьнакхахойн тІаьхьенашна юкъахь цхьа сийлахь стаг хилла.) Цул тІаьхьа тІамах садаьІира лаьтто.
Выбор основного перевода