Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Амма кІанта куьг юха а даьккхина, хьалха цуьнан ваша велира дуьнен чу. Бер схьаоьцучу зудчо элира: «Хьо муха чекхвели, Парас?!» Цу кІентан цІе Парас тиллира (иза «чекхвалар» бохург ду). ЯхІудан кІентий: Іаьр, Онан, Шейла, Парас, Зерахь. (Іаьр а, Онан а КанаІан-махкахь кхелхинера). Парасан кІентий: Хьацрани, Хьамал. Далла лерина йохо дІакъастийна хІуманаш схьа а эцна, Исраилан халкъана бала тІебаийтина волу Ахари хилла Кармин кІант. Іазубат елча, Килаба шена Эпрати ялийра. Цо вира кІант Хьор. Килабан тІаьхьенан цІераш хІорш яра: Хьор вара Эпратин дуьххьарлера кІант. Хьоран кІентий хилира: Кхиръят-ЯІарим-гІала дІахІоттийна волу Шубали,
Выбор основного перевода