Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Цу хенахь шен вежарий болчуьра дІа а вахана, Іадулам олучу меттера волу Хьира цІе йолу стаг волчохь Іаш вара ЯхІуд. Кезаб олучу меттехь шена кхин цхьа кІант а вича, цуьнан цІе Шейла тиллира цо. ЯхІудан кІентий: Іаьр, Онан, Шейла, Парас, Зерахь. (Іаьр а, Онан а КанаІан-махкахь кхелхинера). Парасан кІентий: Хьацрани, Хьамал. ЯхІудан кІентий бара: Іаьр, Онан, Шейла. Цунна и кхо кІант вина хилла канаІанхо йолчу ШуІин йоІа. ЯхІудан дуьххьарлера доьзалхо волу Іаьр Делан бІаьргашна хьалха вон вара, цундела иза Дала валийтира.
Выбор основного перевода