Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу кератхошний, палетхошний тІехь хьаькам вара, ткъа Даудан кІентий паччахьан хьехамчаш бара. ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу а майра стаг хилла. Иза ша Къабциал-юьртара вара. Цо шегара даккхий хьуьнарш гайтинера. Цуьнан карах валар хиллера муабахойн гІараваьллачу шина баьччанан. Иштта ло догІучу дийнахь, ор чу а ваьлла, лом дийнера цо. Кхин а цхьа чІогІа лекха волу мисархо хилла цо вийна. Мисархочун карахь гоьмукъ хилла, ткъа хІара карахь гІаж а йолуш, дуьхьалваьлла цунна. БенъяхІус, мисархочуьнгара гоьмукъ схьа а баьккхина, цуьнан шен гоьмукъ а тоьхна, иза вийна. И тайпа хьуьнаре гІуллакхаш дина хилла ЯхІу-ЯдаІан кІанта БенъяхІус. Цундела иза, важа кхо турпалхо санна, гІараваьлла вевзаш вара. Иза ткъе иттаннал чІогІа цІе яххана вара, амма вукху кхаанца нислуш вацара. Дауда шен хана юкъахь коьртаниг вина дІахІоттийра БенъяхІу. ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу шен майраллица а, ша дечу гІуллакхашца а чІогІа гІараваьлла стаг вара. Иза ша Къабциал-юьртара вара. Оцу БенъяхІус Муаби-махкара гІараваьлла волу ши баьчча вийнера. Цкъа, ло диллинчу хенахь, цо, саьнгар чу а ваьлла, цу чохь лом дийнера. Пхи дол хиллал лекха а волуш, онда дегІ а долуш волу мисархо а вийра БенъяхІус кхин а. КІади деш йолчу чорхан гІуркх санна, чІогІа беза а, беха а болуш гоьмукъ бара оцу мисархочун карахь. Ткъа БенъяхІус, карахь гІаж а йолуш, мисархочунна тІе а вахана, катоьхна цуьнгара и гоьмукъ схьа а баьккхина, оцу мисархочун шен гоьмукъца вийра иза. Иштта гІуллакхаш динера ЯхІу-ЯдаІан кІанта БенъяхІус. И важа кхо турпалхо санна, гІараваьлла вара БенъяхІу а. Иза а оцу майрачу ткъе итт тІемалочунна юкъахь гІараваьлла вара, амма кхаа турпалхочунна юкъа ца вогІура БенъяхІу. Дауда шен ха деш болчарна юкъахь коьртаниг вина дІахІоттийнера БенъяхІу.
Выбор основного перевода