Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ХІорш ю Даудан майрачу тІемалойн цІерш: тахьикманхо волу Яшуб-Бушбат, иза майрачу кхаанна юкъахь коьртаниг хилла. Цо, шен гоьмукъ бархІ бІе стагана дуьхьал а баьккхина, уьш цхьана тІамехь эшийна. Оцу кхаанна юкъара шолгІаниг ахьохьахо волчу Додин кІант ЭлиІазар хилла. ПІелаштамхойх бийла а буьйлуш, цаьрга тІаме тІекхойкхучу хенахь Даудаца цхьаьна хиллачарах цхьаъ вара иза. ПІелаштамхой цигахь тІом бан дагахь арабевлла хилла, амма исраилхой юхабевлла. ЭлиІазар хилла цигахь, пІелаштамхошна дуьхьал а ваьлла, тІом беш. Цо, шен куьг, кІад а делла, туьрана тІелатталц, уьш байина. Везачу Эло боккха толам белла исраилхошна цу дийнахь. ЭлиІазар толам баьккхина ваьллачул тІаьхьа, тІемалой тІегулбелла цунна. Царна беллачу нахана тІера бедарш схьагулъяр бен кхин дан хІума ца диснера. КхоалгІаниг хилла ХІарар-гІалара волу АгІин кІант Шама. Лахьи цІе йолчу меттигехь, хьозийн кхоьш дІайийначу кха тІехь, тІом бан схьагулбелла пІелаштамхой. Цигара исраилхойн эскар пІелаштамхойх дедда дІадахана. Амма Шамас, цу кха юккъехь дІа а хІоьттина, пІелаштамхой эша а бина, и меттиг кІелхьаръяьккхина. Везачу Эло цу дийнахь Исраилан халкъана боккха толам белла. Ялта схьагулдечу цхьана дийнахь, пІелаштамхой шайн меттаматтаца репахойн тогІи чохь лаьтташ а болуш, ткъе итт баьччанех волу кхо стаг Дауд волчу веана Іадулам олучу хьеха чу. Дауд цу хенахь чІагІйинчу меттехь вара, ткъа пІелаштамхойх цхьа эскаран тоба Байтлахам-гІалахь хилла. Хьагвелла волчу Дауда аьлла: «Байтлахам-гІалин кевнера гІу чуьра мала хи хьан дахьар дара те суна?» ТІаккха майра кхо тІемало, пІелаштамхойн меттаматтехула чекх а ваьлла, Байтлахаман кевнехь йолчу гІу чуьра хи а эцна, иза Даудана а дахьаш, схьавеара. Амма Даудана и хи мала ца лиира. Цо и хи, сагІина а лерина, Везачу Элана хьалха лаьтта охьадоьттира. Дауда элира: «Веза Эла, ца малало-кх соьга и хи. И хи дан бахана болчу, шайн синош ца кхоийначу кху къонахийн цІий санна дац иза?» Цундела ца лиира Даудана и хи мала. Иштта хьуьнаре гІуллакхаш дора цу майрачу кхаа тІемалочо. Йоабан ваша, Царуятан кІант волу Абушай, цу ткъе итт тІемалочун коьртехь вара. Цо шен гоьмукъца кхо бІе стаг вийнера, цундела цу кхааммо лоруш вара иза. Цу кхаа турпалхочун чул а чІогІа цІе яхана вара иза, церан хьаькам хилла дІахІоьттина а вара, амма иза церан могІаре вогІуш вацара. ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу а майра стаг хилла. Иза ша Къабциал-юьртара вара. Цо шегара даккхий хьуьнарш гайтинера. Цуьнан карах валар хиллера муабахойн гІараваьллачу шина баьччанан. Иштта ло догІучу дийнахь, ор чу а ваьлла, лом дийнера цо. Кхин а цхьа чІогІа лекха волу мисархо хилла цо вийна. Мисархочун карахь гоьмукъ хилла, ткъа хІара карахь гІаж а йолуш, дуьхьалваьлла цунна. БенъяхІус, мисархочуьнгара гоьмукъ схьа а баьккхина, цуьнан шен гоьмукъ а тоьхна, иза вийна. И тайпа хьуьнаре гІуллакхаш дина хилла ЯхІу-ЯдаІан кІанта БенъяхІус. Цундела иза, важа кхо турпалхо санна, гІараваьлла вевзаш вара. Иза ткъе иттаннал чІогІа цІе яххана вара, амма вукху кхаанца нислуш вацара. Дауда шен хана юкъахь коьртаниг вина дІахІоттийра БенъяхІу. Коьрта ткъе итт тІемалочунна юкъабогІуш бара: Йоабан ваша ІасахІал, Байтлахам-гІалара Додин кІант Элхьанан, хьародхой болу Шама а, Эликха а, палтихо волу Хьелац, такхоІхо волчу Іакхешан кІант Іира, Іанатотхо Абу-Іезар, хьушатхо Мубани, ахьохьахо Цалмун, натІупатхо Махьран, натІупатхо волчу БаІнин кІант Хьалид, бен-яманхойн ГебаІ-гІалара Ребин кІант Ита, пІарІатунхо БенъяхІу, ГаІашан тогІешкара ХІиди, ТІаккха берриг а исраилхой, гул а белла, Дауд волчу Хьеврон-гІала баьхкира. Цара элира Дауде: «Тхо хьан дегІ а, цІий а ду. ДІаяханчу хенахь, Шаул паччахь волуш дуьйна а, тІамехь исраилхой кІелхьарбохура ахьа. Хьан Везачу Дала элира хьоьга: „Дауд, хьо хир ву Сан Исраилан халкъан Іу. Хьо хир ву Сан Исраилан халкъан баьчча“». ТІаккха Исраил-махкара берриг а къаной Дауд волчу Хьевроне баьхкира. Ткъа Дауда Хьевронехь къаношца барт бира Везачу Элана хьалха. Къаноша Дауд Исраил-мехкан паччахь хилар дІакхайкхийра, Шамъал-пайхамарехула Дала ма-аллара. Шеца берриг исраилхой а буьгуш, Дауд Ярушалайме вахара. Оцу заманахь Ярушалаймах Явсай-гІала олура. Ткъа цигахь Іаш болчу нахах явсайхой олура. ТІаккха явсайхоша Дауде элира: «Тхан гІали чу вогІур вац хьо». Амма Дауда дІалецира церан Цийон-гІалин гІап. Оцу меттигах цул тІаьхьа Даудан гІала элира. Дауда аьллера: «Уггар хьалха тІе а летта, явсайхой хІаллакбиннарг тІемалойн баьчча а, коьрта хьаькам а хир ву». ТІаккха Царуятан кІант Йоаб массарал а хьалха явсайхошна тІелетира. Иштта цунах хилира берриг а тІемалойн коьрта хьаькам. Дауд цу чІагІйинчу гІали чохь ваха охьахиира, цундела цу гІаланах «Даудан гІала» элира. Цу гІалина гонах гобаьккхина гІишлош дІахІиттийра Дауда. Уьш дІахІиттийнера Милло олучу гу тІера дуьйна, гІалина гонах долчу пенашна тІе кхаччалц. Ткъа гІалара важа йолу гІишлош Йоаба тІейинера. Даудан ницкъ кхин а хьалаболуш лаьттара, массо а ницкъийн Веза Эла цуьнца хиларна. Иштта Даудан тІемалошна юкъахь а бара къаьсттина майра нах. Ерриг а Даудан пачхьалкхехь болчу исраилхошца, дика накъосталла а деш, Везачу Эло ма-аллара, цуьнан Исраил-махка тІехь долу паччахьалла чІагІдеш бара уьш. ТІамехь тІемалошна юкъахь шайн майраллица къаьстинчеран цІераш иштта яра: Ткъе иттанна юкъара коьртаниг вара Хьахманин кІант ЯшбаІам. ЯшбаІама цхьана тІеман къовсамехь кхо бІе стаг вийнера шен гоьмукъца. Цул тІаьхьа вара ахьохьахо волчу Додин кІант ЭлиІазар, иза майрачу кхаанна юкъахь а майраниг вара. ЭлиІазар вара цкъа Даудаца пІелаштамхой тІом бан тІегулбеллачу Пасдамим олучу меттигехь. Цу арахь бийна мукх бара. Цигара исраилхой, пІелаштамхойх кхера а белла, дІабевддера. ЭлиІазара, шен тІемалошца дІа а хІоьттина, и аре ларъеш, тІом бира. Цара толам баьккхира пІелаштамхошна тІехь. Везачу Эло иштта доккха-деза кІелхьардовлар делира исраилхошна. Оцу ткъе итт баьччанна юкъара кхин кхо турпалхо, Дауд волчу тарх тІе а ваьлла, Іадулам олучу хьехана чу велира. Ткъа пІелаштамхой репахойн тогІи олучу меттигехь бара. Цу хенахь Дауд шен чІагІонан меттигехь вара, ткъа пІелаштамхошна ха деш болу тІемалой Байтлахам-гІалахь бара. Дауд чІогІа хьогах вара. ТІаккха цо элира: «Байтлахам-гІалин кевнера гІу чуьра хи цхьаммо малор делахьара суна!» ТІаккха майра кхо тІемало, пІелаштамхойн меттаматтехула чекх а ваьлла, Байтлахаман цу кевнехь йолчу гІу чуьра хи а эцна, иза Даудана а дахьаш, схьавеара. Амма Даудана и хи мала ца лиира. Цо и хи, сагІина санна, Везачу Элана хьалха лаьтта охьадоьттира. ТІаккха Дауд-паччахьо элира: «Веза Эла, иза дарх ларвелахь со! Шайн синош ца кхоийначу кху къонахийн цІий мер дара ткъа аса?» ХІунда аьлча, шайн дахарна кхерам боллушехь, деанера цара и хи. Цундела ца лиира Дауд-паччахьна и хи мала. Иштта хІума динера оцу майрачу кхаа тІемалочо. Йоабан ваша Абушай вара оцу кхаа тІемалочунна юкъахь коьртаниг. Абушайс шен гоьмукъца кхо бІе мостагІа вийнера. Оцу кхаа турпалхочунна юкъахь иза лараме верг вара. Оцу кхаанна юкъахь гІараваьлла вара Абушай. Иза церан баьчча а хилира, амма вукху уггар майрачу кхаа тІемалочуьнга ца кхочура Абушай. ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу шен майраллица а, ша дечу гІуллакхашца а чІогІа гІараваьлла стаг вара. Иза ша Къабциал-юьртара вара. Оцу БенъяхІус Муаби-махкара гІараваьлла волу ши баьчча вийнера. Цкъа, ло диллинчу хенахь, цо, саьнгар чу а ваьлла, цу чохь лом дийнера. Пхи дол хиллал лекха а волуш, онда дегІ а долуш волу мисархо а вийра БенъяхІус кхин а. КІади деш йолчу чорхан гІуркх санна, чІогІа беза а, беха а болуш гоьмукъ бара оцу мисархочун карахь. Ткъа БенъяхІус, карахь гІаж а йолуш, мисархочунна тІе а вахана, катоьхна цуьнгара и гоьмукъ схьа а баьккхина, оцу мисархочун шен гоьмукъца вийра иза. Иштта гІуллакхаш динера ЯхІу-ЯдаІан кІанта БенъяхІус. И важа кхо турпалхо санна, гІараваьлла вара БенъяхІу а. Иза а оцу майрачу ткъе итт тІемалочунна юкъахь гІараваьлла вара, амма кхаа турпалхочунна юкъа ца вогІура БенъяхІу. Дауда шен ха деш болчарна юкъахь коьртаниг вина дІахІоттийнера БенъяхІу. Ткъа коьрта волу ткъе итт тІемало хІара вара: Йоабан ваша ІасахІал, Байтлахам-гІалара Додин кІант Элхьанан, ХІарар-гІалара Шамати, пеланхо волу Хьелац, такхоІхо волчу Іакхешан кІант Іира, Іанатотхо Абу-Іезар, хьушатхо волу Субахи, ахьохьахо Іилай, натІупатхо Махьран, натІупатхо волу БаІнин кІант Хьалид, Ребин кІант Ита, бен-яманхойн ГебаІ-гІалара волу, пІарІатунхо волу БенъяхІу,
Выбор основного перевода