Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Цу Іуьйранна дуьйна схьа Ша йиллина йолу хан тІекхаччалц, Везачу Эло исраилхошна ун тІехийцира. Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІе кхаччалц долчу латтанаш тІехь дехаш долчу халкъа юкъара кхузткъе итт эзар стаг велира и ун бахьана долуш. Нах багарбаран жамІ Дауде дІаделира Йоаба: берриге а Исраил-махкахь кара тур а лаьцна, тІом балур болуш волу цхьа миллион цхьа бІе эзар стаг вара. Ткъа, кара тур а лаьцна, тІом балур болуш волу яхІудхо виъ бІе кхузткъе итт эзар стаг вара. Паччахьо тІедиллина гІуллакх шена ца тайна дела, левихой а, бен-яманхой а багар ца бинера Йоаба. И гІуллакх Далла хьалха там боцуш хилла дела, Цо Исраилан халкъана таІзар дира.
Выбор основного перевода