32
Яри-ЯхІун вежарий а говза нах бара. Уьш ши эзар ворхІ бІе стаг вара. Шайн доьзалшкахь баьччанаш бара уьш. Делан а, паччахьан а массо гІуллакх а дойтуш, Раабанан а, Гадин а тайпанашна а, Маннашан ахтайпанна а тІехь, коьртанаш а бина, дІахІиттийра Дауд-паччахьо уьш.
Коьрта динан да волу Іамар-ЯхІу, аша Везачу Элана лерина дечу муьлххачу а гІуллакхна тІехІоттийна ву. Ткъа ЯхІудан тайпанан баьчча волу ИсмаьІалан кІант Забди-ЯхІу паччахьна лерина дечу муьлххачу а шун гІуллакхна тІехьажа хІоттийна ву. Иштта левихой оцу гІуллакхашна тІехь гІодийраш хир бу шун. ЧІагІдаларца кхочушде шайна тІедиллина гІуллакх, ткъа Веза Эла диканиг дечаьрца хуьлийла».