Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Уьш кхаж тасарца тобанашкахь дІасабийкъира, хІунда аьлча Далла хьалхахь а, Цуьнан цІа чохь а гІуллакх дан дІахІиттийна баьччанаш ЭлиІазаран а, Итамаран а тІаьхьенех хилла. Цара а, АхІаронах схьабевллачу шайн вежарша санна, Дауд-паччахьна а, ЦІадукъина а, Ахьи-Маликана а, динан дайн а, левихойн а доьзалийн баьччанашна а хьалха кхаж тосура. Доьзалан баьччано а, шен жимаха волчу вашас санна, кхаж тосура. Цара массара а, жима а, воккха а доцуш, хьехархоша дешархошца цхьабосса кхаж тосура, шаьш гІуллакх дан деза рагІ билгалйоккхуш.
Выбор основного перевода