Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
(Хьалха, Исраилан махкахь, нагахь санна цхьаъ Делера хаам хиларе сатуьйсуш велахь, олуш хилла: «Вало, Делера дерг гуш верг волчу гІо вай», – хІунда аьлча цу хенахь пайхамарех «хиндерг гуш болу нах» олура.) ТІаккха цу тайпанах болчу нахе шайн гаранашца тІедуьйла элира цо. Царна юкъара МатІарин гара хаьржира. ТІаьххьара а Къушин кІентан Шаулан цІе яьккхира. Амма Шаул лаха хІиттича, иза кара ца вора. Шаулан зудчун цІе АхьнуІмат яра. Иза АхьимаІацан йоІ яра. Цуьнан эскаран хьаькаман цІе Абунар яра. Иза Шаулан ден вешин Неран кІант вара. Даудан тІемалошца аравелира Царуятан кІант Йоаб а. Уьш ГавІонерачу Іома йистехь дуьхь-дуьхьал кхийтира. ТІемалойн цхьа тоба Іоман цхьана йисте охьахиира, ткъа важа вукху йисте хиира. Ицхьаран воккхаха волу кІант вара Шалумати. Дауд-паччахьан юьхьанца дуьйна тІаьххьалц а хиллачу гІуллакхех лаьцна яздина ду Делера долу хиндерг гуш хиллачу Шамъалан йозанаш тІехь а, Ната-пайхамаран а, Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаран а йозанаш тІехь а.
Выбор основного перевода