Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Церан терахь цу хенахь дуккха а ца хилла, кІезиг а болуш, уьш махкахь тІебаьхкина Іаш хилла. Шен дас Дауда тІе-ма-диллара, Сулим-паччахьо динан дай дІахІиттийнера шен-шен рогІехь гІуллакх дан. Иштта левихой а дІахІиттийнера цо, хастамаш барна тІехь куьйгалла дан а, хІора дийнан хьаште хьаьжжина, динан дайшна гІо дан а. ХІора кевнехь дІахІиттийна гІаролхой хилла, шен-шен рожехь гІарол деш. И весет динера Делан стаг волчу Дауда. Дауда а, Асайпа а, ХІаймана а, Дауд-паччахьна лерина Делера дерг гуш волчу Ядутун-пайхамаро а шайна тІедиллина ма-хиллара, Асайпан тІаьхьенах болу зурманчаш шайн гІуллакх дан билгалъяьхначу меттигашка дІахІиттийра. Иштта хІора кевнан гІаролхо а вара шен-шен меттехь лаьтташ. Церан вежарий болчу левихоша кечйора царна оьшург, цундела уьш шаьш гІуллакх деш болчуьра меттахбовла оьшуш дацара. Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тІаьхьенан хьехаме назма.
Выбор основного перевода