Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Цул тІаьхьа, дена улло ши кІант схьа а валийна, Эпрам шена аьтту агІор Исраилна аьрру агІор хІоттийра цо, ткъа Маннаш шена аьрру агІор Исраилна аьтту агІор хІоттийра. Амма Исраила шен аьтту куьг Эпраман коьрта тІе диллира, иза жима велахь а, ткъа аьрру куьг, аьттучунна тІехула а даьккхина, Маннашан коьрта тІе диллира. Цхьа Іалашо йолуш дира цо иштта, Маннаш дуьххьарниг воллушехь. Юха, цаьргахула Юсуп декъал а веш, цо элира: «Шена кІелахь сан дай ИбрахІим а, Исхьакх а лелла Дела, таханлера де кхаччалц дерриг а сан дахарехь со Шена тІаьхьа хІоттийна лелла волу Дела, муьлххачу а вочух со ларвина Малик, декъалдехьа хІара бераш. Кхаьргахь дІахьойла сан а, сан дайн ИбрахІиман а, Исхьакхан а цІераш. Деба а дебна, даккхий халкъаш схьадовлийла кхарах дуьнен чохь». Шен дас аьтту куьг Эпраман коьрта тІе диллина гича, Юсупна халахийтира. Цо ден куьг схьалецира, Эпраман коьрта тІера Маннашан коьрта тІе дилла дагахь. Юсупа элира цуьнга: «ХІан-хІан, дада, хьалхарниг хІара ву, аьтту куьг цуьнан коьрта тІе дилла». Амма да реза ца хилира: «Суна хаьа, сан кІант, суна хаьа. Кхунах а халкъ схьадер ду, и халкъ а доккха, сийлахь хир ду. Амма жимаха волу ваша цул лакхара хир ву, цуьнан тІаьхьенах дукха халкъаш схьадевр ду». Цу дийнахь, уьш декъал а беш, цо элира: «Шун цІерашца Исраилан халкъо вовшийн декъалбийр бу: „Эпрам а, Маннаш а санна войла хьо Дала“, – бохуш». Иштта Эпрам Маннашал лакхара хІоттийра цо.
Выбор основного перевода