Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Шаула шен герз лелош волчуьнга элира: «Хьайн тур баттара а даккхий, со вей дІаваккха, и дин доцу сунтбаза берш суна тІе а кхаьчна, цара со веле а, хьийзавале а». Амма герз лелориг, ша дукха кхераваларна, ца хІоьттира и дехар кхочушдан. ТІаккха Шаула, шен тур схьа а даьккхина, цунна тІе а вогІавелла, шех иза чекхдаьккхира. Шаул шена велла гича, цуьнан герз лелориг ша а, шен туьрана тІе а вогІавелла, велира. Иштта велира цу дийнахь Шаул а, цуьнан кІентех кхо кІант а, цуьнан герз лелориг а, цуьнан массо стаг а. ИзраІал-тогІина къилбаседехьа Іаш болу а, Йордан-хинна малхбалехьа Іаш болу а исраилхой а, шайна Шаул велла а, важа болу исраилхойн тІемалой бевдда дІабахана а гича, шайн ярташ а йитина, бевдда дІабахара. Ткъа пІелаштамхой, церан ярташ дІа а лаьцна, цигахь баха охьахевшира.
Выбор основного перевода