Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ПІелаштамхой исраилхошца тІом беш бара. Исраилхой, царах бевдда боьлхуш, ГилбаІ олучу лам тІехь дукха хІаллакьхилира. Шаулна а, цуьнан кІенташна а тІаьхьа а бевлла, пІелаштамхоша цуьнан кІентий ЯхІуната а, Абинадаб а, МалкишаІ а байира. Шаулна гонах болу тІом чІагІбелира. Къаьсттина чІогІа кхарна ницкъ бора секхаІад кхоссархоша. Шаул къиза чевнаш хилла вара. Шаула шен герз лелош волчуьнга элира: «Хьайн тур баттара а даккхий, со вей дІаваккха, и дин доцу сунтбаза берш суна тІе а кхаьчна, цара со веле а, хьийзавале а». Амма герз лелориг, ша дукха кхераваларна, ца хІоьттира и дехар кхочушдан. ТІаккха Шаула, шен тур схьа а даьккхина, цунна тІе а вогІавелла, шех иза чекхдаьккхира. Шаул шена велла гича, цуьнан герз лелориг ша а, шен туьрана тІе а вогІавелла, велира. Иштта велира цу дийнахь Шаул а, цуьнан кІентех кхо кІант а, цуьнан герз лелориг а, цуьнан массо стаг а. ИзраІал-тогІина къилбаседехьа Іаш болу а, Йордан-хинна малхбалехьа Іаш болу а исраилхой а, шайна Шаул велла а, важа болу исраилхойн тІемалой бевдда дІабахана а гича, шайн ярташ а йитина, бевдда дІабахара. Ткъа пІелаштамхой, церан ярташ дІа а лаьцна, цигахь баха охьахевшира. ШолгІачу дийнахь пІелаштамхой байина Іохкуш болчарна тІера мехала йолу хІуманаш схьаяха баьхкича, царна ГилбаІ-лам тІехь хиллачу тІамехь байина болчу Шаулан а, цуьнан кхаа кІентан а декъий карийра, Шаулан корта схьа а баьккхина, цуьнан герз схьа а эцна, цара массо а пІелаштамхойн махкарчу халкъе хаам дІакхачийра, иштта хаам бира шайн цІуш дІахІиттийна долчу динан цІенош долчу а. Цара Шаулера схьадаьккхина долу герз шаьш Іаштартана дина долчу динан цІа чу охьадиллира, ткъа цуьнан дакъа Байт-Шанахь пена тІе дІатуьйхира. ГалІадарчу Явеш-гІалара болчу бахархошна дІахезира пІелаштамхоша Шаулна динарг. Массо а майра стаг гІаьттира цигахь. Буса баха а бахана, Шаулан а, цуьнан кІентийн а декъий Байт-Шанарчу пена тІера охьа а даьхна, Явеш-гІала схьа а деана, уьш цигахь дагийра цара. Церан даьІахкаш, схьа а гулйина, Явеш-гІалахь тамариск цІе йолчу дитта кІелахь дІайоьхкира. ВорхІ дийнахь марха кхебира цара.
Выбор основного перевода