Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ТІаккха Шамъала элира: «ХІинца дуьйна Везачу Эло Исраилан халкъана тІехь долу паччахьалла хьох дІахадийна. Цо иза кхечуьнга дІакховдийна, иза хьол тоьлуш волу дела. Цо Везачу Эле хаттарш дора, амма Иза цунна набарха а, Урим олучу безачу тІулгаца а, пайхамаршкахула а жоп луш вацара. Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таІзар дойла суна, Везачу Эло, чІагІо а еш, Дауде аьлларг аса цунна ца дахь. Шаулан цІийнера паччахьалла схьа а даьккхина, берриге а Исраилан а, ЯхІудан а мехкашна тІехь, Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІе кхаччалц, паччахьалла Дауде дІа а лур ду». Везачу Эло аьлла ма-хиллара, Шаулан пачхьалкх Даудан кара дІаялархьама Дауд волчу Хьевроне баьхкинчу тІемалойн тобанийн барамаш иштта бу:
Выбор основного перевода