Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ТІаккха Шамъала Шауле элира: «Ахьа иза чІогІа вон дина. Ахьа хьайн Везачу Дала хьайна тІедиллинарг кхочуш ца дина. Иза хьоьгара ца даьллехь, Исраилан махкахь хьан паччахьалла Дала массо а ханна чІагІдийр дара, амма хІинца хьан паччахьалла лаьттар дац. Везачу Элана хьан метта Шен даго къобалвеш волу стаг карор ву, иза Цо Шен халкъана тІехь баьчча вина дІа а хІоттор ву, хІунда аьлча ахьа Везачу Эло хьайна тІедиллинарг кхочуш ца дина». хІунда аьлча муьтІахь цахилар, бозбунчалла лелор санна, къилахь ду, ткъа шен лааме а ваьлла, дуьхьалвалар цІу-динах тешар санна ду. Ахьа Везачу Элан дош дІататтар бахьана долуш, Цо хьо дІатеттина, Исраилан халкъан паччахь ца хилийта». ТІаккха Шаула шен ялхошка элира: «Схьалаха суна деллачу адамийн синош тІедоьху зуда, аса цуьнга хоттур ду». Ялхоша цуьнга жоп делира: «Іейндар-гІалахь Іаш ю адамийн синош тІедоьху зуда».
Выбор основного перевода