Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Аюбана хиллачу бохамах лаьцна цуьнан кхаа доттагІчунна хезира. Уьш шайн-шайн меттигашкара арабевлира: теманхо волу Элипаз а, шуахьахо волу Билдад а, иштта наІматхо волу Цупар а. Уьш вовшахкхийтира, Аюб волчу кадам бан а, цуьнан догъэца а бахархьама. Эдоман къомах лаьцна иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кхин хьекъалалла ца дисина те Теман-гІалахь? Хьехам кхин ца бало те кхетам болчаьрга? ДІадаьлла те церан хьекъал? И хІума бахьана долуш, – боху Хьалдолчу Эло, – Ас Сайн куьг дІакховдор ду Эдомна дуьхьал, цуьнан халкъ а, дийнаташ а хІаллакдийр ду. Теманна тІера Дадданна тІе кхаччалц Ас цуьнан мохк бассор а бу, массо а туьро хІаллаквина а хир ву.
1. Паралипоменон
Выбор основного перевода