Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ИбрахІим къена воллушехь, Сарата, доьзалхочух а хилла, цунна кІант вира. Дерриг а Дала аьллачу хенахь хилира. Сарата винчу кІентан цІе Исхьакх (иза Іебархойн маттахь «диэлар» бохург ду) тиллира ИбрахІима. Дуьххьарлераниг цІиэн вара, дерриг а дегІа тІехь чоьш а долуш. Цуьнан цІе Іесав тиллира (иза «чоьшдерг» бохучух тера ду). ШолгІаниг дуьнен чу волуш, Іесаван кІажа а лаьцна схьавелира. Цундела цуьнан цІе Якъуб тиллира (и ду «КІажалоцург» бохург). И шиъ винчу хенахь Исхьакхан кхузткъа шо дара. ТІаккха стага элира: «ХІинца дуьйна хьан цІе Якъуб хир яц, Исраил хир ю, хІунда аьлча хьо, Делах а, нахах а летта, кІел ца висира». ИбрахІим Исхьакхан да хилла, Исхьакх – Якъубан да, Якъуб – ЯхІудан а, цуьнан вежарийн а да,
1. Паралипоменон
Выбор основного перевода