Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Циллас а вира кІант, Тубал-Кхаим. Цунах массо тайпана йоьзах а, эчигах а герз деш болчу пхьерийн да хилира. Тубал-Кхаиман йиша яра НаІмат. ШатІин а хилира кІант, цо цунах Энош элира. Цу хенахь адамаш Везачу Элан цІе йоккхуш, Цуьнга кхайкха буьйлабелира. Адаман цхьа бІе ткъе итт шо кхаьчнера, цуьнан кхин а цхьа кІант хилча. Иза веккъа цуьнан аматехь а, вастехь а вара. Шен кІантана ШатІа аьлла цІе тиллира Адама. ШатІа цхьа бІе пхеа шарахь ваьхча, цуьнан хилира кІант Энош. Нохьа пхеа бІе шарахь ваьхча, цуьнан хилира кІентий Шима, Хьама, Япат. Къаим Эношан, Энош ШатІин, ШатІа Адаман, ткъа Адам – Делан кІант вара.
1. Паралипоменон
Выбор основного перевода