Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ХІара ду Шимин тІаьхьенах хилларг. Дала хІокху дуьненна тІера массо а хІума, адам хІаллакдеш даийтина хи дІадаьллачул тІаьхьа, ши шо даьлча, Шимин бІе шо кхаьчнера. Цу хенахь цуьнан кІант Арпахшад хилира. Арпахшад хиллачул тІаьхьа Шима кхин а пхи бІе шарахь вехира. Цуьнан кхин а кІентий а, йоІарий а хилира. Арпахшадан ткъе пхийтта шо кхаьчча, цуьнан Селахь хилира. Селахь хиллачул тІаьхьа Арпахшад диъ бІе кхаа шарахь вехира. Цуьнан кхин а кІентий а, йоІарий а хилира. Селахьан ткъе итт шо кхаьчча, цуьнан хилира кІант Іебар. Іебар хиллачул тІаьхьа Селахь диъ бІе кхаа шарахь вехира, кхин кІентий а, йоІарий а хуьлуш. Іебаран ткъе дейтта шо кхаьчнера, цуьнан кІант ПалагІ хилча. ПалагІ хиллачул тІаьхьа Іебар диъ бІе а ткъе итт шарахь вехира. Цуьнан а кхин кІентий а, йоІарий а хилира. ПалагІан ткъе итт шо кхаьчча, цуьнан Рахьу хилира. Рахьу хиллачул тІаьхьа ПалагІ ши бІе исс шарахь вехира. Цуьнан кхин а кІентий а, йоІарий а хилира. Рахьун ткъе дейтта шо кхаьчнера, цуьнан кІант СерагІ хилча. СерагІ хиллачул тІаьхьа Рахьу вехира ши бІе ворхІ шарахь. Цуьнан кхин а кІентий а, йоІарий а хилира. Ткъе итт шо кхаьчча, СерагІан хилира кІант Нахьир. Нахьир хиллачул тІаьхьа СерагІ вехира шина бІе шарахь, кхин а кІентий а, йоІарий а хуьлуш. Нахьиран ткъе исс шо кхаьчча, цуьнан кІант ТІахьир хилира. ТІахьир хиллачул тІаьхьа Нахьир вехира цхьа бІе ткъайоьсна шарахь. Кхин а кІентий а, йоІарий а хилира цуьнан. ТІахьиран кхузткъе итт шо кхаьчначул тІаьхьа, цуьнан хилира кІентий Ибрам, Нахьир, ХІарон. ШамІас Деле дийхира, уьш къобалбе аьлла. Беран нене Мареме цо элира: «ХІара бер Дала къобалдина ду, Исраилан халкъана юкъара дукхахберш хІаллакьхилархьама а, кІелхьарбахархьама а. ХІара Бер Дала елла билгало хир ю, амма Кхунна резабоцурш а хир бу. Иштта, дукхачу адамийн дагахь дерг гучудер ду. Амма хьан дог, тур чекхдаьккхича санна, баланехь хир ду». Кхузахь яра Ашаран цІийнах а йолуш, шегахь Делера хаам болуш йолу Пануалан йоІ Іайнаъ. Иза вуно къанъелла яра. Майрачуьнца ворхІ шо бен цхьаьна даьккхина яцара иза.
1. Паралипоменон
Выбор основного перевода