Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Исраилан махкахь паччахьаш хилале Эдомехь хІара паччахьаш бара: БеІаран кІант БулаІ. Цуьнан гІалин цІе ДинхІаба яра. БулаІ велча, цуьнан метта Бацар-гІаларчу Зерахьан кІант Ябаб паччахь хилира. Ябаб велча, цуьнан метта теманхойн махкара Хьушам паччахь хилира. Хьушам велча, цуьнан метта Бедадан кІант ХІадад паччахь хилира. Муаби-махкахь маданхошна тІехь толам баьккхина вара иза. Цуьнан гІалин цІе Іавит яра. ХІадад велча, цуьнан метта Масрекха-гІалара Самла паччахь хилира. Самла велча, цуьнан метта хина йистера Рехьабат-гІалара Шаул паччахь хилира. Шаул велча, цуьнан метта Іахбаран кІант БаІал-Хьанан паччахь хилира. Іахбаран кІант БаІал-Хьанан велча, цуьнан метта ХІадад паччахь хилира. Цуьнан гІалин цІе ПаІу яра. Мезахьабан йоІан Матарадан йоІ Ма-ХІайтІабал яра цуьнан зуда. ХІорш ю Іесаван тІаьхьенах болчу баьччанийн цІераш, церан тайпанашка а, лаьттанашка а хьаьжжина: ТамнаІ, Іаьлви, Етат, АхІлибам, Эла, Пинан, Кхеназ, Теман, Мубацар, Магдаал, Іирам. Эдомхойн ден Іесавах схьабевлла баьччанаш бара уьш. Шайн долахь долчу лаьтта тІехь шайн-шайн тайпанашца Іаш бара уьш.
1. Паралипоменон
Выбор основного перевода