Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Муса Везачу Эле кхайкхира: «ХІун де ас кху халкъана? Кхин жимма а хІара дахлахь, цара суна тІулгаш деттар ду». ТІаккха наха маьхьарий хьаькхира: «ТІулгаш детта царна!» – аьлла. Амма Везачу Элан олаллин нур доьссира Делан четарна тІе берриг а исраилхошна хьалха. Иза волчу веара Шаулан кІант ЯхІуната. Цо Дауд иракарахІоттийра, Делах тешарца чІагІло аьлла. Везачу Эле сатийса. Доьналла долуш а хила, хьайн дог а чІагІде. Везачу Эле сатийса. Сайн кІесаркІога чохь церан садеІар хаало суна хІора дийнахь. Сийлахьниг, дукха бу суна дуьхьалбевлларш! Со кхоьручу хенахь Хьох дегайовхо ю сан. Делехь ас хастадо Цуьнан дош, Везачу Элехь ас хастадо и дош, ТІаккха тІулгаш схьаийцира цара Іийсана детта дагахь. Амма Иза, царна юккъехула къайлаха чекх а ваьлла, Делан цІийнан кертара дІавахара.
Выбор основного перевода