Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаула Хьавилара дуьйна Мисар-махкана малхбалехьа Іуьллучу Шур-гІалин йистошка кхаччалц эшийра Іамалекхахой. Ахаша цунна ЦакхелагІ олуш йолу гІала елира. Цундела ЦакхелагІ таханлера де тІекхаччалц а яхІудхойн паччахьийн карахь йисина. Дауд, шеца болчаьрца ара а волий, гешурхошний, гирзахошний, Іамалекхахошний тІелеташ хилла. (И халкъаш дукха заманара дуьйна Шур-гІалина а, ур-атталла Мисар-махкана а тІекхаччалц дехаш хилла.) Цунна чІогІа реза боцуш хьаьвзира пІелаштамхойн элий. Цара Ахаше элира: «ДІавахийта и стаг. Ахьа цунна билгалъяьккхинчу меттехь Іайта иза. Тхоьца тІамтІе а ма ваийта, цунах вайна мостагІа ма хилийта. ХІун дина хьостур ду цо шен паччахьан дог? Вайн нах а байина хьостур ду. Дауд а, цуьнца схьабаьхкинарш а Іуьйранна пІелаштамхойн махка юхабирзира. Ткъа пІелаштамхой ИзраІал цІе йолчу гІала дІабахара.
Выбор основного перевода