Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эле Епунин кІант Килаб декъалвар а дехна, Килабе дола дайта Хьеврон-гІала дІаелира ЮшаІа. Цу стеган цІе Набал яра, цуьнан зудчун цІе АбигІал яра. ЧІогІа хьекъал долуш а, юьхь тІера хаза а яра и зуда, ткъа и стаг чІогІа къиза а, дера а вара. Иза ша Килабан тІаьхьенах вара. Ахаша хоттура Дауде: «ХІинца хьанна тІелеттера шу?» Дауда жоп лора: «НегІаб арахь болчу ЯхІуд-махкана», я цо жоп лора: «Яьссачу арахь болчу ярахьмиалхошна», я: «Яьссачу арахь Іаш болчу кхенахошна». КхозлагІчу дийнахь Дауд а, цуьнан накъостий а схьабаьхкира ЦакхелагІ-гІала. Ткъа Іамалекхахоша, НегІаб цІе йолчу яьссачу арахь йолчу ЦакхелагІана тІе а летта, гІала ягийнера. Цо уьш цига дІабигира. Іамалекхахой цу меттигехула дІаса а баьржина, дууш, молуш бара, пІелаштамхойн махкара а, ЯхІуд-махкара а шайна караеана йолчу йоккхачу хІонсах баккхий а беш. ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу кератхошний, палетхошний тІехь хьаькам вара, ткъа Даудан кІентий паччахьан хьехамчаш бара. И хІума бахьана долуш, – боху Хьалдолчу Эло, – Ас Сайн куьг дІакховдор ду пІелаштамхошна дуьхьал. Ас кератхой а дІабохур бу, хІордан йистехь бисина берш а хІаллакбийр бу. Декъаза ду хІордан йистехь дехаш долу кератхойн халкъ! Везачу Элера болу хІара хаам хьуна дуьхьал бу, пІелаштамхойн долахь болу КанаІан-мохк: «Ас хьо хІаллакбийр бу, тІаккха хир бац хьан бахархой».
Выбор основного перевода