Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эле Епунин кІант Килаб декъалвар а дехна, Килабе дола дайта Хьеврон-гІала дІаелира ЮшаІа. Хьеврон хІинца а кхеназхо волчу Епунин кІентан Килабан тІаьхьенна дакъа хилла йисна, хІунда аьлча иза исраилхойн Везачу Дала бохучунна тІера ца ваьллера. Хьевронан цІе хьалха Кхиръят-АрбаІ хилла. (АрбаІ цІе йолуш Іаьнакхахойн тІаьхьенашна юкъахь цхьа сийлахь стаг хилла.) Цул тІаьхьа тІамах садаьІира лаьтто. ЯхІудан тІаьхье Хьевронехь Іаш болчу канаІанхошца тІом бан яхара (хьалха Хьеврон-гІалин цІе Кхиръят-АрбаІ хилла). Цигахь цо Шешай а, Ахьиман а, Талмай а эшийра. Цул тІаьхьа Дауда Везачу Эле хаттар дира: «ЯхІуд-махкарчу цхьана гІала гІой со?» Везачу Эло цунна жоп делира: «ГІо». ТІаккха Дауда юха а хаттар дира: «Мича гІо со?» Юха а Цо жоп делира: «Хьевроне гІо». Дауд цига дІавахара, шеца шен ши зуда а эцна: израІалхо йолу АхьнуІмат а, Набалх йисина йолу кармалхо АбигІал а. Дауда шеца болу нах а, церан доьзалш а дІабигира. Уьш Хьевронехь баха хевшира. ЯхІуд-махкарчу божарша, схьа а баьхкина, шайн цІенна тІехь паччахьалла дан къобалвира иза цунна тІе зайтдаьтта доттарца. Кестта Дауде хабар кхечира, ГалІадарчу Явешан бахархоша Шаул дІавоьллина аьлла. ПІелаштамхой Исраилан халкъана дуьхьал тІом беш бара. ТІаккха и тІом бечу хенахь исраилхой пІелаштамхойх бевдира. Дукха исраилхой хІаллакьхилира цу тІамехь. Иза дара ГилбаІ олучу лам тІехь. ТІаккха пІелаштамхой Шаул-паччахьна а, цуьнан кІенташна а тІаьхьабевлира. Цу тІамехь цара вийра Шаулан кІентех кхо кІант: ЯхІуната, Абинадаб, МалкишаІ. Шаулна гонах болу тІом чІагІбелира. СекхаІад кхоссархоша, Шаул волчу агІор пхерчий а кхиссина, къиза чевнаш йира цунна. ТІаккха шен герз лелош волчуьнга Шаула элира: «Хьайн тур баттара а даккхий, иза суна а Іоттий, вехьа со, оцу сунтбаза болчу пІелаштамхошка со сийсазвоккхуьйтучул». Амма герзлелориг, ша дукха кхераваларна, ца хІоьттира иза дан. ТІаккха, шен тур схьа а даьккхина, цу туьрана тІе вогІавелира Шаул. Ткъа герзлелориг, Шаул-паччахь велла хилар шена гича, ша а, шен туьра тІе а вогІавелла, велира. Иштта велира Шаул-паччахь. Цуьнан кІентех кхо кІант а, цуьнан цІийнах мел верг а цуьнца цхьаьна велира. ТІаккха, Шаул-паччахь а, цуьнан кІентий а беллий а хиъна, иштта берриг тІемалой дІабовдуш а гина, тогІи чохь болу исраилхой, шайн ярташ а йитина, дІасабевдира. Ткъа пІелаштамхой, церан ярташка а баьхкина, баха охьахевшира. ШолгІачу дийнахь пІелаштамхой беллачарна тІера мехала йолу хІуманаш схьаяха бахара. ГилбаІ-лам тІе баьхкинчу царна Шаул-паччахьан а, цуьнан кІентийн а декъий карийра Іохкуш. ПІелаштамхоша Шаулан докъана тІера ерриг а хІума схьаяьккхира. ТІаккха докъана тІера корта а баьккхина, цуьнан герз схьа а эцна, шайн мохк мел бу шайн цІушна а, халкъана а хьалха шаьш динчух лаьцна дІасадаржадайтира цара. Цул тІаьхьа пІелаштамхоша Шаулан герз шайн цІуш лаьттачу цІенна чу диллира, ткъа цуьнан корта шайн дела ву бохучу ДагІонан цІийнан чохь ирхъоьллира. ГалІад-махкара Явеш олучу гІалара массо адамна хезира пІелаштамхоша Шаулна динчух лаьцна. ТІаккха цигахь бехаш болчу майрачу наха Шаулан а, цуьнан кІентийн а декъий, дІа а эцна, ГалІадера Явеш-гІала деара. Цигахь оцу майрачу наха, и декъий ножан дитта кІел дІа а доьхкина, ворхІ дийнахь марханаш кхебира.
Выбор основного перевода