Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
И дерриге а кхочуш а деш, даха, самадовла хан тІекхаьчнийла а хууш, хІунда аьлча вай дуьххьара тешаре даьхкинчу хенахь чул, хІинца герга ду Дала вай кІелхьардахарна. Буьйса дІаяьлла, де тІекхаьчна. Цундела боданан гІуллакхех дІа а дерзий, серлонан долчу герзаца кийча хила вай. шайн ойла сиха ма карчийталаш, атта синтем ма байалаш, Веза Эла вогІу де тІекхаьчна бохуш, цхьаммо хаам бар бахьана долуш. Цхьаммо ала мега, и хаам Делан Сино бина, я оха бина, я кехат тІехь дІаязбина бу аьлла. Иштта шу а чІогІа собаре хилалаш, шайн дегнаш чІагІделаш, хІунда аьлча Веза Эла вар гергакхочуш ду. Вовшашна аьрзнаш ма делаш, вежарий, шайна кхел ца яйтархьама, хІунда аьлча Кхелахо неІарехь лаьтташ ву. Сема а, дечу гІуллакхна гуттар а кийча а хуьлда шун кхетам. Дала леррина къобалвина Іийса вогІучу дийнахь Делан шуьга болу безам бахьана долуш шайна лун долчуьнца боьзна хилийта шайн берриг а сатийсамаш.
Выбор основного перевода