Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Цхьана хенахь, и къинош тІехь а долуш, кху дуьненан вочу некъашна тІедевлла а, хІаваан ницкъийн элана тІаьхьахІиттина а лелаш ма дара шу. Цу эло хІинца а муьтІахь боцучу нехан дегнаш чохь болх бо. Цхьана хенахь вай массо а Іийра оцу нахана юкъахь, вешан хьайна болчу лаамех а дуьзна. Вешан догІмийн а, ойланийн а хьарам болу лаамаш кхочушбора вай. Кхиболу нах санна, вайн амалшка хьаьжжина, Делан оьгІазло тІеян дезаш дерш дара вай. ХІунда аьлча вай а ма дара цхьана хенахь сонта а, Далла муьтІахь доцуш а, тиладелла а лелаш. Тайп-тайпанчу боьхачу лаамийн а, дегІана там лехаран а леш а хилла, оьгІазаллах а, дераллах а, хьогІах а дуьзна, вовшийн а ца дезаш, дехаш дара вай.
Выбор основного перевода