Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
«Дуьненна шаьш ца дезалахь, хаалаш, шул хьалха Со а дуьненна ца везна хилар. Цо тхуна тІедиллира нахе кхайкхам бар а, тоьшалла дар а, Ша Дала дийначарна а, беллачарна а тІехь кхел ян хІоттийна ву аьлла. ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг дийна болчарна а, беллачарна а тІехь олалла дархьама вала а велла, ден а велла. Ткъа стенна бехке во ахьа хьайн динан ваша? Я стенна ца веша хьо хьайн веших? Вай массо а Далла хьалха дІахІитта ма деза, Цуьнга ваьшна кхел яйтархьама. Дала леррина къобалвина волу Іийса паччахьалла дан кху дуьнен чу схьавеача, дийна болчарна а, беллачарна а кхел йийр ю Цо. И иштта долу дела, Цунна а, Далла а хьалха, чІагІо а еш, ас хІара весет до хьоьга: Ларам болуш а, таьІна а жоп ло. Эхь-бехк долуш хила, тІаккха шуна тІехь доцург дуьйцуш волчунна эхь хетар ду, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна долу шун дахар мел цІена ду гича.
Выбор основного перевода