Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Векалш кхеташонера арабевлира, Іийсан дуьхьа шаьш сийсазбан хьакъ хиларна баккхий а беш. Вайна чохь долчу синца цхьаьна Делан Сино Ша тоьшалла до вай Делан бераш хиларх лаьцна. Вай Делан бераш хилча, берашна кхочу дерг вайна а кхочур ду. Дала иза вайна лур ду, ткъа Дала леррина Къобалвинчунна кхаьчнарг вайна а кхочур ду, хІунда аьлча, нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна вай баланаш хьоьгуш хилча, Цуьнца цхьаьна вай сийлаллехь а хир ду. Дала леррина Къобалвинарг кІоргге вовза лаьа суна, Иза веллачуьра денвеш хилла болу ницкъ а бевзаш, Цуьнан баланашкахь дакъа а лоцуш. Цуьнан Іожаллехь Цунах тар а луш, Иза вовза а лаьа суна,
Выбор основного перевода