Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цхьа да вац ткъа вайн? Цхьана Дала кхоьллина дац ткъа вай? ХІунда хуьлу вай вовшашна ямартлонаш лелош, Дала вайн дайшца бина барт сийсаз а беш? Дерриг а Дала цу Дашехула кхолла а кхоьллина, И доцуш, кхоьллинчух хІумма а ца кхоьллина. ХІунда аьлча массо а хІума Дала кхоьллина а ду, Цо латтош а ду, Цуьнан дуьхьа лаьтташ а ду. Сийлалла ду Цуьнан абаденналц! Амин! ГІуллакхаш тайп-тайпана ду, ткъа уьш дойтург – цхьа Веза Эла ву. Ницкъаш тайп-тайпана бу, ткъа дерриг а массарна а чохь дийриг – цхьа Дела ву. Цхьа Веза Эла а, цхьа тешар а, цхьаъ долу хих чекхдахар а ду. Массеран цхьа Дела а, Да а ву. Иза массарна тІехь а ву, массаьргахула болх беш а ву, массарна чохь волуш а ву. Да волчу Делан сийлаллина Цо леррина къобалвина Іийса Веза Эла хиларх лаьцна хІора адаман матте тоьшалла дайтархьама а. Стигалшкахь а, лаьттахь а гуш долу а, гуш доцу а массо а хІума Цо кхоьллина ду: стигалийн паччахьаш, я олахой, я хьаькамаш, я куьйгалхой хуьлийла уьш. И дерриг а Цо кхоьллина а ду, Цунна кхоьллина а ду. ткъа кху тІаьхьарчу деношкахь Шен КІантехула дийцина Цо вайна. Дерриге а кхочун долу Цуьнан КІант ву дІахІоттийна. Цуьнгахула массо хІума а кхоьллина. «Хьакъ долуш ву Хьо, тхан Веза Эла волу Дела, сийлалла а, ларам а, ницкъ а дІаэца. ХІунда аьлча Ахь кхоьллина ду дерриг а. И дерриг а Хьан лаамца долуш а ду, кхоьллина а ду». Цара, керла эшар а локхуш, бохура: «Хьакъ долуш ву Хьо, и тептар схьа а эцна, цу тІера мухІарш дІадаха, хІунда аьлча Хьо вийна вара. ХІора тайпанашна а, меттанашна а, хІора халкъана а, къомана а тІера Делан дуьхьа Хьайн цІий Іанорца адамашна тІера мах дІабелира Ахьа. Динан дайн пачхьалкх царах йина Ахьа, цаьрга Хьайна гІуллакх дайтархьама. Ткъа цара кху Лаьтта тІехь паччахьалла дийр ду».
Выбор основного перевода