Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цундела суна хета, Далла тІе бахка луучу кхечу къаьмнийн нахана вай дуьхьало ян ца оьшу аьлла. Мелхо а, цаьрга кехат яздан деза вай, цІуша бехйина хІума ма яа аьлла а, нахаца леларх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, цІийх а ларло аьлла а. ЦІушна сагІина еана хІума ца яар, цІийх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, нахаца леларх а лардалар. И дерриге а кхочушдахь, аша дика гІуллакх дийр ду. Марша Іойла шу!» Муьлхха а йолу яа хІума юуш верг ма хуьлийла ца вешаш иза юуш воцучух. Юуш воцучо а бехке ма войла муьлхха а кхача бууш верг, хІунда аьлча иза а Дала тІеэцна ву. ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг дийна болчарна а, беллачарна а тІехь олалла дархьама вала а велла, ден а велла. Тешар тІехь чІагІделлачу вай чІагІбелла боцучарна гІо дан деза, ваьшна тамехь дерг дина а ца Іаш. Вайх хІораммо а уллорачунна тамехь дерг дан деза, иза цунна диканна а, иракарахІотторна а хуьлуьйтуш. ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинчо а ца дора Шена тамехь дерг. Амма яздина ма-хиллара: «Хьо сийсазвочеран сийсаза дешнаш Суна тІедоьжна». Сан динан вежарий, со тешна ву дикачу ойланех шу дуьзна хиларх а, шун кхетам кхоччуш хиларх а, вовшашна хьехамаш балур болуш шу хиларх а. Цу тайпана цІушна сагІина еанчу юучу хІуманах лаьцна хууш ду-кх, кху дуьненахь цІу хІумма а воцург вуйла а, иштта, цхьа Дела воцург, кхин Дела воцийла а. Безам собаре а, дика а хуьлу. Безамца хьагІ а ца хуьлу. Безамо дозалла а ца до, иза кура а ца хуьлу.
Выбор основного перевода