Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
ХІунда аьлча цхьаволчун тешаро, къеста а ца еш, муьлхха а хІума яа магадо цунна. Тешар тІехь чІагІвелла воцучу вукхо хасстоьмаш бен ца боу. Жижиг цадаар а, чагІар цамалар а, динан ваша галволуьйтуш долу цхьа а хІума цадар гІолехь ду. Тешарехь чІагІбелла боцучаьрца чІагІвелла воцург санна хуьлура со, уьш тешарехь чІагІбархьама. Массарна а хьалха массо а санна хуьлура со, сайн мел долчу хьуьнаршца, царах цхьаберш баьхна а, кІелхьарбахархьама. Мила ву гІело хьоьгуш, аса а шеца гІело хьоьгуш воцург? Мила ву галвалийтина, со кийрахь шех вогуш а воцуш?
Выбор основного перевода