Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ас чІагІо йо, сайн къинош сайн четахь дІа ца хьулдина аьлла, кхечу адамаша санна, цкъа а сайн зулам ас къайла ца даьхьна аьлла, хІунда аьлча адамийн тобанех со дІакъехкар вара, вист а ца хуьлуш, сайн хІусама чохь сеццал, тукхамашна дола хетарх кхоьрур а вара. Амма айса латийначу къинна къера а хилира со, сайн бакъонца цалелар хьул а ца дира аса Хьох. Ас элира: «Везачу Эле сайн къинош дІадоьллур ду ас». ТІаккха Ахь дІабаьккхира суна тІера сан къинан бехк. Иштта, доьналла а долуш, лаьттарчу дегІана чуьра а кхелхина, Везачу Элана уллохь Іаш хилар гІолехь ма хета тхуна. Цундела тхуна, догІмашна чохь долуш я царна чуьра кхелхина долуш, Везачу Элана тамехь дерг хилийта лаьа. ХІунда аьлча вай дерриш а Дала леррина Къобалвинчун кхелана хьалха дІахІитта дезаш ду. Вайх хІораммо а ваьш кху дегІа чохь дехачу хенахь динчуьнга хьаьжжина, дика я вон и делахь, доггІург схьаоьцур ду.
Выбор основного перевода