Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Мусас дийнатех даьлла ах цІий кедаш чу доьттира, ткъа вукхуьнца сагІа даккха меттиг тІадийра. Шаьш Везачу Элаца бина барт тІеязбина тептар, схьа а эцна, дийшира Мусас. Наха элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а деш, Цунна муьтІахь хир ду тхо». Кедаш чуьра цІий нахана тІе хьаьрсира Мусас. «ХІара Везачу Эло шуьца, дерриг а Шен дешнашка хьаьжжина, бинчу бертан цІий ду», – элира цо. ТІекхочуш ду денош, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан тІаьхьенца а, ЯхІудан тІаьхьенца а керла барт бен долу. Ткъа Сан халкъ долчу хьох лаьцна аьлча, Айса хьоьца цІийца чІагІбина бинчу бертан дуьхьа кхечу махка йийсаре дІабигна хьан нах, хи доцучу ор чуьра санна, арабохур бу. Шаьш пхьор диина девлча, Іийсас, чагІаран кад схьа а эцна, элира: «Шун дуьхьа Іанор долчу Сан цІийца бинчу керлачу бертан кад бу хІара.
Выбор основного перевода