Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ткъа зудчуьнга Везачу Дала элира: «Хьо доьзалхочух йолуш лазарш чІагІдийр ду хьан, лазаршца доьзалхо а хир ву хьан. ТІаккха майрачуьнга сатуьйсуш хир ю хьо, ткъа иза хьуна тІехь олалла деш хир ву». Шу Дала леррина Къобалвинчун долахь ду, ткъа Иза – Делан ву. Шадерг Цуьнан когашка а диллина, Иза Дала динан ерриге а тобанна веллера, массо а хІуманна тІехь коьртаниг хилийта. Амма вай, билггал бакъдерг даггара болчу безамца а дуьйцуш, массо а хІуманна тІехь динан коьрте кхоччуш хьалакхуьур ду. И корта – Дала леррина Къобалвинарг ву.
Выбор основного перевода