Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цара хІума юучу хенахь Іийсас, бепиг схьа а эцна, доІанца декъал а дина, декъа а декъна, Шен мурдашка дІа а кховдош, элира: «ДІаэца, даа, иза Сан дегІ ду шуна!» Цул тІаьхьа кад, схьа а эцна, Далла хастам а бина, цаьрга дІакховдийра: «ДІамала массара а, иза Сан цІий ду шуна, Делаца бина барт чІагІбеш долу, дуккха а нах къинойх цІанбархьама Іенар долу! Амма Аса боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Сан Дас дІахІоттийначу Олаллехь керла малар шуьца молу де тІекхаччалц», – аьлла. Цара хІума юучу хенахь, Іийсас, бепиг схьа а эцна, доІанца декъал а дина, декъа а декъна, Шен мурдашка дІа а кховдош, элира: «Схьаэца – иза Сан дегІ ду». ТІаккха кад, схьа а эцна, Далла хастам а бина, Цо иза цаьрга дІакховдийра, ткъа цара массара а цу чуьра дІамелира. Іийсас элира цаьрга: «ХІара Сан цІий ду, Делаца бина барт чІагІдеш долу, дукхахболчеран дуьхьа Іенор долу. Билггала боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Дала дІахІоттийначу Олаллехь керла чагІар молу де тІекхаччалц». Хан тІекхаьчча, Іийса а, Цуьнан векалш а шуьнна гонах гулбелира. Іийсас элира цаьрга: «Сайн бала тІелацале, хІара Пасахьан Іахар чІогІа шуьца баа лиънера Суна. Ас боху шуьга: хІара Пасахь Ас дуур дац, Иза Делан Олаллехь кхочушхиллалц». Іийсас, чагІаран кад схьа а эцна, доІанца цунах баркалла а аьлла, элира: «Схьа а эций, шайна юкъахь декъа хІара. Ас боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Делан Олаллин де тІекхаччалц». Цо, бепиг схьа а эцна, доІанца цунах баркалла а аьлла, декъа а декъна, мурдашка дІаделира: «Сан дегІ ду хІара, шун дуьхьа дІалун долу. Со дагалацархьама, иштта делаш». Шаьш пхьор диина девлча, Іийсас, чагІаран кад схьа а эцна, элира: «Шун дуьхьа Іанор долчу Сан цІийца бинчу керлачу бертан кад бу хІара.
Выбор основного перевода