Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Параллельные места
Амма айса латийначу къинна къера а хилира со, сайн бакъонца цалелар хьул а ца дира аса Хьох. Ас элира: «Везачу Эле сайн къинош дІадоьллур ду ас». ТІаккха Ахь дІабаьккхира суна тІера сан къинан бехк. Хино дІайоху модаш санна, дІаяхахьа сан харцонаш, сан къинойх цІанвехьа со. Сайн харцонашна къера ву со, айса латийна къа гуттар а суна хьалха ду. Хьуна хьалха, Хьуна цхьанна хьалха къа латийна ас, Хьан бІаьргашна хьалха хьарамниг дина, цундела со бехке варехь Хьо нийса а ву, кхел ярехь цІена а ву. Стага шен къинош лечкъош хилча, цуьнан аьтто хир бац, амма, цо уьш тІе а лаьцна, ша нийса лелаш цахилар нахана дІа а хаийтина, уьш дІатасахь, цунах къинхетам бийр бу.
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода