Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Параллельные места
Юьхьанца Дош дара. И Дош Делехь дара. И Дош Дела дара. И Дош юьхьанца Делехь дара. Бакъдолу дахар Цунна чохь а дара, и дахар адамашна серло а яра. Дашах адам а хилира, Иза адамашна юкъахь Іаш а дара. ТІаккха тхуна гира Дас Шен цхьаъ бен воцучу КІантана делла олаллин нур. Иза диканах а, бакъдолчух а вуьзна а вара. Бакъдерг боху Ас шуьга: Сан даше ладугІуш а, Со Ваийтинчух тешаш а волчун Дела волчохь хедар доцу дахар ду. Къематан дийнахь царна тІехь кхел яц, ткъа, беллачуьра ден а белла, Делаца долчу бакъдолчу дахаре кхаьчна уьш. ТІаккха ТІамига Іийсас элира: «Хьайн пІелг схьа а кховдабай, хьажа Сан куьйгашка, ткъа хьайн куьг Сан агІонах йолчу чевнах чекхдаккха. Ма хила ца тешаш, амма тешаш хила». Цундела тхайна гинарг а, хезнарг а ца дуьйцуш тхо Іалур дац». ХІунда аьлча нехан мекарчу туьйранех тардина ца дийцина оха шуна, вайн Дала леррина къобалвина Іийса-Эла вогІур ву аьлла. Тхо тхаьш Цуьнан сийлалла гина тешаш ду. Ас яздо шуьга, дайшка, юьхьанца дуьйна волуш Верг шуна вевза дела. Ас яздо шуьга, къонахошка, иблисал шу тоьлла дела. Ас яздина шуьга, сан динан бераш, стигалара Да шуна вевзина дела. Ас яздина шуьга, дайшка, юьхьанца дуьйна волуш Верг шуна вевзина дела. Ас яздина шуьга, къонахошка, шу доьналла долуш долу дела а, Делан Дош шун даг чохь лаьтташ долу дела а, иблисал шу тоьлла долу дела а.
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода