Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Параллельные места
Ткъа Делах долчу бакъдолчуьнца вехаш верг серлонга волу, ша деш долу гІуллакхаш Делан гІоьнца деш хилар гайтархьама. Шуна-м Иза вовза а ца вевзина, ткъа Суна вевза Иза. Нагахь Ас Сайна Иза ца вевза алахь, Со а хир ву шух терра харцдерг дуьйцург. Амма Суна И вовза а вевза, Аса Цуьнан дош а лардо. Іийсах тешар доцучаьрца цхьана дукъа кІел ма лелийша. ХІун юкъаметтиг ю те бакъдолчунна а, харцдолчунна а юкъахь? ХІун уьйр ю те серлонна а, боданна а юкъахь? Шена Дела вевза а бохуш, парзаш лардеш воцург харцлуьйш а ву, цуьнца бакъдерг а дац. Ша серлонгахь лела а бохуш, ткъа шен динан веше цабезам берг хІинца а боданехь лела. Ткъа шен динан вежарий безаш верг серлонгахь Іаш ву – стаг галволуьйтуш дерг а дац цуьнца. Амма шен динан ваша цавезарг боданехь ву. Иза боданехь лела гІерташ ву. Цунна шена а ца хаьа, ша мича воьду, хІунда аьлча цу бодано иза бІарзвина.
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода