Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Параллельные места
Юьхьанца Дош дара. И Дош Делехь дара. И Дош Дела дара. И Дош юьхьанца Делехь дара. Дерриг а Дала цу Дашехула кхолла а кхоьллина, И доцуш, кхоьллинчух хІумма а ца кхоьллина. Бакъдолу дахар Цунна чохь а дара, и дахар адамашна серло а яра. И мурд ву цунна тоьшалла дийриг а, цунах лаьцна яздинарг а, ткъа вайна хаьа, цуьнан и тоьшалла билггал бакъ дуйла. Къийса ца дезаш, динах йовзийтина къайле чІогІа йоккха ю: Иза адаман дегІехь гучуваьккхина, Делан Сино бакъвина, маликашна Иза гина, къаьмнашна юкъахь дІакхайкхийна, дуьненахь адамаш Цунах тешна, сийлаллехь Иза хьалаваьккхина. Ткъа Цо вайна лур ду аьлла ваІда ду: хедар доцу дахар.
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода