Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Параллельные места
Нускал а далийначун долахь хуьлу, ткъа зудаялийначун доттагІа а хуьлу зудаялийначунна уллохь Іаш, цунна хьалхара гІуллакх а деш. Хазахетарх вуьзна хуьлу иза, зуда ялийна волу шен доттагІа чувогІуш, цуьнан аз хезча. И сан хазахетар хІинца кхочушхилла. ХІара элира Ас шуьга, Сайн хазахетар шуна чохь хилийтархьама а, и шун хазахетар дуьззина хилийтархьама а. ХІинццалц хІумма а ца дехнера аша Сан цІарах. Ткъа хІинца деха, лур ду шуна, шун хазахетар дуьззина хилийтархьама». Сан хьоме бераш, шуьга къинош ца летадайтархьама яздо ас хІара кехат. Ткъа нагахь цхьаммо къа латадахь, стигаларчу Дена хьалха лаьтташ волу ГІодийриг ву вайн: Дала леррина къобалвина Іийса – Делан лаамехь Верг. Аса хІара яздина шуьга, Делан КІантах шу тешаш хиларна, шун бакъдолу дахар дуйла шуна дІахаийтархьама. Дуккха а дара сан шуьга яздан, амма иза шекъанца кехата тІехь яздан ца лаьа суна. Ткъа аса сатуьйсу, шу долчу а веана, юьхь-дуьхьал а волуш, дерриг а дІадийцаре, вай даккхийдер кхоччуш дуьззина хилийтархьама.
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода