Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
Дела иштта бакъо йолуш вара. Шен оьгІазло ян а, Шен ницкъ гайта а лиира Далла, амма Шен оьгІазлонах хІаллакьхила кийча долчу адамашна Шен доккха собар хилар гайтира Цо. И собар дора Цо, Шен сийлаллин хьал адамашна гайтархьама. И адамаш Дала къинхетам бечу тІаьхьенах хила дезаш дара. Уьш Дала Шен сийлалла тІеэца кечдинера. Ша леррина Къобалвинчуьнгахула Дала вай Шен долахь хилийта хаьржира. Массо а хІума Шен лаамца а, сацамца а кхочушдеш Волчо, Шен Іалашоне хьаьжжина, билгалдаьккхинера иза иштта.
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода