Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
Гуттар а доІанаш деш, догйовха хилийтархьама, Іийсас Шен мурдашна цхьа хьекъале хІума дийцира: «Цхьана гІалахь вехаш цхьа кхелахо хилла. Иза Делах ца кхоьруш а, нахах эхь ца хеташ а стаг хилла. Оццу гІалахь ехаш йисина Іаш йолу зуда а хилла. Денна а кхелахочунна тІе а оьхуш, цуьнга дехарш деш хилла цо: „Сан довхочуьнца болчу къовсамехь нийсонна тІе кхачаехьа со“, – бохуш. Цхьа хан яллалц цунна накъосталла ца деш Іийначу кхелахочо эххар а ойла йина: „Делах ца кхерахь а, нахах эхь ца хетахь а, оцу зудчунна гІо дан деза ас, хІора дийнахь схьа а оьхуш, цуьнга со хьийза ца вайта“, – аьлла». Везачу Эло аьлла: «Ойла елаш оцу харц кхелахочо дуьйцучух лаций. Дийнахь а, буса а Шега кхойкхуш болу, Ша хаьржина болу нах нийсонна тІе кхачор бац Дала? Церан дуьхьа сихлур вац Иза? Ас боху шуьга: Цо, хьем ца беш, нийсоне кхочуьйтур бу уьш. Амма Адамийн КІант дуьнен чу веача, карор буй теша Цунна Шех тешаш болу нах?» Хазахетарца сатийсалаш. Халонаш собарца ловш хилалаш. Даим а доІанаш делаш.
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода