Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
Диканна дуьхьал вон дечу стеган хІусамера вон цкъа а дІадер дац. Аса-м шуьга боху: хьайна зулам динчунна дуьхьал ма вала. Хьайна аьтту бесни тІе тІара тоьхнехь, аьрру агІор йолу бесни а зуламхочунна тІеерзае. Ткъа Аса боху шуьга: шайн мостагІий беза, хьайна зулам деш берш Деле беха – Шун безам даггара хуьлийла. Вониг ма дезалаш, ткъа диканиг ларделаш. Вежаршка санна хуьлучу безамца вовшийн дезалаш, вовшийн алсам ларалаш. Мало а ца еш, дукха болх белаш. Даим доьналла а долуш, Далла гІуллакх делаш. Хазахетарца сатийсалаш. Халонаш собарца ловш хилалаш. Даим а доІанаш делаш. Делан нехан эшамехь дакъалоцуш хилалаш, хьеший доггах тІеэцалаш. Шайга баланаш хьоьгуьйтурш декъалбелаш. Декъалбелаш, сардамаш ма дехалаш. Самукъане болчаьрца самукъане хилалаш, боьлхуш болчаьрца делхалаш. Вовшашца бертахь Іелаш. Шайх лаьцна лакхара ойланаш а ца еш, мискачаьрца а тІекаре хилалаш. Шайн кхетамах лаьцна кура ойланаш ма елаш. Цхьанна а зуламна дуьхьал зулам ма делаш, мелхо а, массо а адамна хьалха оьзда дерг лело гІерталаш.
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода