Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
Хьехашна чу а гІой, лаьтта бухахь къайладовла Везачу Элана хьалха болчу кхерамах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а. Стеган лакхара хьажар охьатаІийна хир ду, адамийн дегалла лахъер ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ. Берриг а ницкъийн Везачу Элан де догІур ду курачунна а, дегалчунна а, айаделлачунна а – уьш берриш а охьатаІор бу. И де догІур ду лекха а, айаделла а долчу Ливанунан баган-дитташна а, Башанан нежнашна а, дерриге а лекхачу лаьмнашна а, айаделлачу гунашна а, муьлххачу а лекхачу бІаьвнна а, муьлххачу ондачу пенна а, Таршашан дерриге а хІордкеманашна а, уггар хазачу кеманашна а. Стеган куралла лахйийр ю, адамийн дегалла охьатаІийна хир ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ, ткъа цІуш гуттаренна а дІабевр бу. Тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дІалечкъар бу нах, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхерабелла, Иза латта дего веача. Цу дийнахь стага ша Іибадат дан бина дато а, дашо а цІуш боьлкъазаршна а, бирдолагашна а дІакхуьйсур бу, тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дІалачкъархьама, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхера а велла, Иза латта дего веача. Стагах бІобулий ма Іе – мерІуьргашкахула синош дахарца бен иза ца веха. Цунна тІетовжа йиш юй ткъа? Іийса Зайт-диттийн лам тІехь хиъна Іачу хенахь, Цуьнан мурдаш Цунна тІебаьхкира. Уьш Іийсаца шаьш бисча, цара хаьттира: «Алахьара Ахьа, иза маца хир ду? Хьо схьаваран а, дуьненан тІаьхьарчу заманан а билгало муха хир ю?» «Ткъа и де а, и сахьт а цхьанна а ца хаьа, я стигалара маликашна а, я КІантана а, Да воцучунна. Цундела сема хилалаш, хІунда аьлча шуна ца хаьа, маца вогІур ву шун Веза Эла. Амма хаалаш, нагахь санна хІусамдена къу маца вогІур ву хууш хиллехь, цо шен цІа чохь къола дойтур дацара. Шу а хила деза кийча, хІунда аьлча Адамийн КІант шу Цуьнга ца хьоьжучу хенахь вогІур ву».
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода