Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Хьайн де доьхча, Соьга кхайкха. Ас хьо кІелхьарвоккхур ву, ахьа Сан сий дийр ду». Ашурхойн паччахьан мел йолу хьаннаш а, бошмаш а, доь ца дуьтуш, хІаллакйийр ю Цо. Вала воллу стаг гІелваларх тера хир ду иза. Бере а дагардаллал кІезиг дитташ дуьсур ду цуьнан хьаннаш чохь. Цу хенахь Исраилан халкъах бисина болу, Якъубан тІаьхьенах кІелхьарбевлла нах шаьш эшийначух кхин тешна Іаш хир бац. Церан дегайовхо билггал Везачу Элах, Исраилан Везачух, хир ю. Сан къоман бераш тохара санна Іийр ду, цуьнан гулам Суна хьалха дІахІуттур бу. Цунна гІело ечарна Аса таІзар дийр ду. Цу тайпана Сан парзашца лелар бу уьш, Сан тІедехкинарш, лар а деш, кхочушдийр ду цара. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву. Аса таІзар дийр ду цунна, БаІал-цІушна хаза хьожа йогІу хІума ягорна а, шен чІагарш а, туьтеш а шена тІе а оьхкина, шен безаргашна иза тІаьхьалеларна а. Ткъа Со вицвинера цо», – боху Везачу Эло. Ас ЯхІудан цІа чІагІдийр ду, Юсупан цІа кІелхьардоккхур ду. Ас уьш юхаберзор бу, Со царна къинхетаме хилла дела, ткъа уьш а хир бу, Ас дІа ца тесча санна. Со церан Веза Дела ву, Цара орца даьккхича, Ас царна жоп лур ду. Хьаьнга лалур ду те Иза схьавогІу де? Мила латталур ву, Иза схьавеача? ХІунда аьлча Иза дерриге а лалош йолу цІе санна а, дерриге а цІандеш долу саба санна а ву. Иза дети лалош а, цІандеш а верг санна охьахуур ву. Цо левихой цІанбийр бу, уьш, деши а, дети а санна, лалор бу Цо, хила деззачу тайпана Везачу Элана лерина сагІанаш цаьрга дахийтархьама. Ткъа нагахь цхьаммо динарг цІергахь дагахь, цунна эшам хир бу. Иза ша-м кІелхьарвер ву, амма цІерах чекхволуш санна вер ву. Шу цунах даккхийдеш ду, хІинца кІеззигчу ханна шайна тайп-тайпанара зер лан дезахь а.
Выбор основного перевода